«Нохчийн меттан говзанча» къовсаман финал — «Грозный» НПТРК-хь

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӀакхайкхийнчу «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман финал «Грозный» НПТРК-хь дӀахьур йу.

Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис бина оцу хьокъехь хаам.

Финал дӀайахьар белхан тобанца дийцаре дина цо, иза 4 тӀедилларх лаьтташ хирг хиларан хьокъехь сацам а беш.

Карарчу беттан чаккхенехь дӀахьур бу тӀаьххьарлера мур (цкъачунна билгалдаьккхинарг 26-гӀа де ду).

Къовсаман совгӀаталлин фонд 8 млн ₽ барамехь йу:
• 1-чу меттигна — 5 млн ₽;
• 2-чу меттигна — 2 млн ₽;
• 3-чу меттигна — 1 млн ₽.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: