
Нохчийчоь 75,5%-на кийча йу гуьйренан-Ӏаьнан муьрана.
ХӀусамийн-коммунальни бахаман объекташ оцу муьрана кечйаран декъера белхаш хӀинца а дӀахьош бу махкахь.
Оцу хьокъехь хаам бина ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима.
Буьйцучу муьрана вайн мохк кийча хилар а толлуш, цуьнца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа.