
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо рогӀера гӀо-накъосталла дина тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу «АХМАТ» спецназан бӀаьхошна.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, церан хьашташна керла машенаш эцна — УАЗ «Патриоташ».
Леррина Ӏалашонаш кхочушйеш болу вайн бӀаьхой дӀасабигарехь а, тайп-тайпана сурсаташ дӀасадахьарехь а уьш бегӀийла хирг хиларна тӀе тидам бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Цул сов, барзакъашца а, кхачанан сурсаташца а, техникица а доьзна нохчийн бӀаьхойн хьашташ жигара кхочушдарца а догӀуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана Несин Аймани доккха баркалла а аьлла цо.