Дагна беза болх нисбалийта лаам болуш…

DSC_0129

Бахархой балха нисбар, белхазалла лахъяр экономикин гIуллакх хилла ца Iаш политикин гIуллакх а  ду. Цундела ларамаза  дац и гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хаддазчу тергонехь латтош хилар. Цу декъехь цо дина тIедахкарш кхочушдаран планаца нийса а догIуш, Курчалойн районерчу бахархой балха нисбаран туьшан белхахоша хIора дийнахь болх бо районехь йолчу организацийн, предприятийн, учрежденийн куьйгалхошца а, говзанчашца а. Цара туьше хаамаш бо шайн мукъаевллачу белхан меттигийн хьокъехь. Цхьадолчу декъана белхан меттигаш хилийтарна тIехь аьтто бо пенси баха хан тIехъяьлларш балхара дIабовларо а.

Иштта, районерчу тайп-тайпанчу организацеша бахархой балха нисбаран туьше бинчу хаамашца кху шеран апрель баттахь балха вахийтира 17 стаг, ткъа май баттахь балха хIоттийначу белхазхойн барам 182 стаге дIакхечира. ДIабаханчу июнь баттахь кхин а 49 стаг балха хIотто аьтто белира туьшан говзанчийн. И болх тахана а дIахьош бу.

– Мукъаяьллачу меттиган хьокъехь тхоьга цхьана организацера я учрежденера хаам схьакхаьчча, оха цига сихха стаг дIавохуьйту балха хIоттийта. Наггахь меттиг нисло оха дIахьажийнарг цхьацца бахьанашца балха ца оьцуш а, я вахийтинарг балха ца хIуттуш, – дуьйцу бахархой балха нисбаран туьшан директоран заместитела М.Ислангириевс. – И санна дерш мелла а кIезиг хилийтаран Iалашонца оха дIахьо болх боцуш берш (шайн лаамца) керлачу корматаллина Iамо деша хьовсор. И гIуллакх деш ю тхан туьшара испектор-профконсультант Джатаева Раиса. Иштта, кху шеран дIабаьллачу ялх баттахь оха деша хьажийна 60 стаг. Царах 40 стаг Россин ДОСААФ-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин Курчалойн отделене хьажийна. Цигахь 20 стага караерзор ю газоэлектросварщикан корматалла, кхин а 20 стага ЭВМ-н операторан корматалла. Эвтарарчу «Корматалча» дешаран туьше поваран говзалла караерзон 20 стаг вахийтина.

Кху заманан жимчу стеган сатийсам бу массарна а оьшуш, сий-ларам болуш, алссам пайда тIебохьуш йолу корматалла караерзор. Амма даима а нислой-те сий-ларам болу корматалла дагна хьоме йолуш? ХIора дийнахь миллионаш адамаш, Iуьйрре арадовлий, балха доьлху. ХIун деш ду уьш? Безий-те царна шайн болх? Стаг вевзича, вай цуьнга уггаре а хьалха хоттуш дерг а ду: «ХIун болх беш ву хьо?». ХIунда аьлча стеган корматалло а хадабойту стеган мах. ХIокху дуьненахь шен меттиг карор – иза адамашна ша хьаштхилийтар, ша эшийтар, ша бечу балхах самукъадалар ду. Курчалойн раойнерчу бахархой балха нисбаран туьшан говзанчаша, куьйгалхоша шайн берриге а ницкъаш тIехьовсийна болх лоьхуш волчунна шен даго хаьржина, шена беза болх нисбалийтарна.

 

Юнусова Равзан

№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: