
Москван пачхьалкхан университетан Соьлжа-ГӀалара филиал даздаран хьолехь схьайеллар дийцаре дина республикин вице-премьера Алханов Адама дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Тидамца ца дитина ша филиал кийча хиларан а, оьшшучу гӀирсашца цунна кхачойаран а гӀуллакхаш.
Вице-премьера билгалдаккхарехь, оцу дешаран хьукматан балхаца доьзнарг шен лерринчу тергонехь латтош ву Нохчийн Мехк-Да Кадыров Рамзан.
Цул сов, оьшшуш долу гӀо-накъосталла деш а ву иза.