
Соьлжа-ГӀаларчу хӀора а хӀусаме, цхьа а кхачамбацарш а доцуш, йовхо кхача йезаш йу.
Иштта дӀахьедар дина пачхьенан мэра Кадыров Хас-Мохьмада.
Цо дийцарехь, гуьйренан-Ӏаьнан муьрана кечамаш баран болх 90%-на дӀаберзийна Соьлжа-ГӀалахь.
Вуьшта аьлча, оцу муьрехь йовхонца кхачойаран могӀарехь социальни маьӀна долу объекташ а, дукхапетарийн 1 500 сов цӀа а ду.