ТӀеман леррина операци дӀайахьаран бахьанаш довзийтина

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан тӀедилларца а догӀуш, Украинехь тӀеман леррина операци дӀайахьаран бахьанаш бахархошна а, тайп-тайпанчу учрежденийн белхахошна а довзийтаран болх бу вайн махкахь дӀахьош.

Министран гӀовс волчу Баширов Сайд-Мохьмада а, Ӏеламнаха а, йукъараллин гӀуллакххоша а, чоьхьарчу гӀуллакхийн отделийн векалша а дуьйцу тӀеман операци дӀайахьаран хьокъехь, билгалдоху бахьанаш, йовзуьйту вайн бӀаьхошна хьалха лаьтташ йолу Ӏалашонаш.

Цул сов, хьоьху харц-хаамаш къасторан некъаш, дуьйцу бандеровцаша а, нацисташа а цигарчу маьршачу бахархошна тӀехь латтийнчу къизаллах лаьцна.

РогӀера иштта цхьаьнакхетар Шаран кӀоштан Кенхи йуьртарчу бахархошца дӀадаьхьна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: