РогӀера гӀо-накъосталла дина тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу «АХМАТ» спецназан бӀаьхошна

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо рогӀера гӀо-накъосталла дина тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу «АХМАТ» спецназан бӀаьхошна.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, гуманитарин гӀо-орца гуьйренан-Ӏаьнан муьрехь оьшучу гӀирсех а, сурсатех а лаьтташ ду.

Ма-дарра аьлча, цунна йукъадогӀуш ду довха духарш а, генераторш а, пешаш а, вуьжу комплекташ а, и.д.кх.а.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас тӀе тидам ма-бахийттара, вайн бӀаьхойн хьашташ кхочушдаран болх тӀеман лерринчу операцин йуьххьехь дуьйна дӀахьош бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: