Кадыров Рамзан — соцмедиашкахь РФ-н субъектийн куьйгалхой хьехоран рейтинган лидер

Товбецан 1-17-чуй деношна лерина таллам бовзийтина Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.

Соцмедиашкахь Россин Федерацин субъектийн куьйгалхой хьехоран рейтинган лидершлахь Нохчийчоьнан Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ву.

Цул тӀаьхьа йогӀуш йолу 2-гӀа меттиг Москван мэра Собянин Сергейс дӀалаьцна, ткъа 3-гӀа меттиг — Москван областан губернатора Воробьев Андрейс.

ХӀокху беттан 1-17-чуй деношкахь Кадыров Рамзан соцмедиашкахь 105 941-зза хьахийна хилар билгалдоккху «Brand Analytics» системо хӀоттийнчу оцу рейтинго.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: