Лаьмнашкахь электростанци ян йолийна

Боккха кхаъ хилла Итум-Кхаьллан районерчу бахархошна. Кхокхта юьртана уллехь, чехкачу Органо гола туххучохь, дIабуьйлабелла хи тIехь   ток яккхаран станци яран белхаш. Ала деза, Нохчийчоьнан исторехь а кIезиг ницкъ болчу электростанцех дуьххьарлераниг иза (Кокадойская ГЭС) хилар.

Ткъа лаьмнийн районехь, шайн 1,3 мегаватт ток йоккхуш станци хилар  дийцина ца валлал дика гIуллакх хиларал сов, дахаран аьттонаш лоьхуш шайн дайн латтанаш дIатийсина дIабахана ламанхой юхабоьрзур болуш  гІуллакх ду  аьлла а хета.

Орга лаьмнийн сиха хи хиларе терра, IаьнтIехь а ша барна кхерам боцуш ду. Цо аьтто бийр бу хих ток яккхаран белхаш ца саццош, хенан хIоттамах боьзна боцуш, дIабахьа. Хин станци яран майдане хьажа веаначу Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхузарчу хьелашна а, белхаш дIабуьйлабаларан боларшна а ша резахилар хаийтира:

– Вайн  энергосистема болх бан йолаяларан юьхь ю Кхокхтара ток йоккху электростанци. ХIара дуьххьарлераниг ю, амма республикин тайп-тайпанчу меттигашкахь, тIедогIучу шарахь кхин 15-а  кIезиг ницкъ болу иштта электростанцеш йийр ю вай. Оцу гIуллакхо гIо дийр ду вайна ток яккхарехь а, ягорехь а дозуш ца хила а, вайн бахархошна даима ток хилийта а. Дала тIаьхье беркате йойла хIокху гIуллакхан.

Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министра Таймасханов ГIаласа билгалдаьккхира:

– Хууш ма-хиллара, кхечу электростанцешкахь болх баран раж йоьзна хуьлу шеран хенех. Ткъа хIокху  станцин башхалла шеран хенах доьзна доцуш – Iай, бIаьста, аьхка, гурахь цхьанаэшшара, цхьана ницкъаца болх бан таро хилар ю. Цул сов, Итум-Кхаьллан районера ярташна ток латто ницкъ  бу цуьнан.

Ток йоккхучу станцин проект хІоттийнарш  вайн министерствон говзанчаш бу. Цуьнан гIишло йийраш а бу вайн говзанчаш. Дерриге а документаш  Москварчу «Трансэнергопром» ООО-хула  чекхдевлла. Уггаре а коьртаниг – гуонахарчу Iаламна вочу агIор тIеIаткъам станцино бийриг цахилар ду.

Кхин цхьа кхаъ а баьккхира ГI.Таймасхановс:

– Германера а, Чехера а ток яккхарна оьшуш болу хIинцалера гІирсаш эцна Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министерствос. Цуьнан гIоьнца, серашкахь ток яр дуккхазза а кIезиг хирг хиларх тешна ду тхо.

– Нохчийчохь ток яккхаран дуьххьарлера  станци йилларан болх оха дIаболор тхуна дозалла ду, – дийцира Кхокхта юьрта йистерчу ГЭС-н гIишлошъярхойн бригадин прораба шелахочо Эльмурзаев Олхазара.

– ХIара белхаш беш 21 белхало ву. ВорхI метр ца кхоччуш кIорга ор даккха дезаш ду тхо. Ткъа и гIуллакх кхочушдархьама, Орга хин гIад хийцина, 30 метр дIанехьа харш а даьккхина, хи цу чу хецна, белхаш бан беза меттиг паргIатъяьккхина оха. ХIинцале кхо метр кIорга ор а даьккхина. Шуна ма-гарра, белхаш беш яккхий тракторш а, машенаш а ю кхузахь. Юьртарчу нехан дохнан хьаьрма йохош зенаш дийр долуш гIуллакх а дац хIара. Коьрта болх Орга хи чохь дIахьур  бу.  ГЭС-о  дIалоцур долу латта дерриге а 25-27 соти бен дац. Ткъа юьртахойн хьера а ша йоллучохь латта юьсур ю. Органан бухара белхаш дIабирзинчул тIаьхьа, 3,5 метр локхалла йолчу меттехь хи сацош айма а йина, цул тIаьхьа иза луьттарх чекхдолуш, гIамарх, лаьттах, дечигех цIаналуш, ток йоккхучу турбине кхочур ду. Иза 1,3 мегаватт ток яккха таро йолу цхьаъ бен яц. Цхьа бIе эзар вахархо а волуш, болх беш завод, фабрика а йолуш, гIалин кепехь йолчу поселкан хьашташ кхочушдалур долуш меттиг хир ю хIара. Билгалйинчу локхалле хьаладаьккхина хи берда тIехула даьржар доцуш, тIехула чекхдаьлла шен хорша чу дужур ду. Ала деза, Москварчу проектировщикаша йина хIара проект  совнаха харжаш ян езаш цахиларал сов, гуонахарчу Iаламна а, Органа чуьрчу чIерашна а новкъарло ца еш, дика йина хилар.

Эльмурзаевс дийцарехь, ГЭС-ш ца ехкинехь а, тIайш тахкаран белхаш дика бевзаш а, 2004-чу шарахь дуьйна оцу декъехь болх беш а ву иза. И болх дика бовзар бахьана ду куьйгалло кхузара белхаш а кхуьнан бригадех тешор.                                                                               10 тIай дина Олхазара – ДIайхь, СемаIашкахь, Шелахь, ЭгIаштІахь, МахкатIехь, Соип-Моллин цIарах долу тIай а, иштта кхидерш а. Кхузара болх деккъа тIай тиллина Iан йиш йолуш бац.                                                       –КІеззиг ца бина болх бан безаш-м ду тхо, – элира Эльмурзаевс, – амма хи чохь бечу балхана а, бетон кегорна а бIокъажор болуш дац. Орга хи тIехь ян билгалъяьхна, тIаьххьарниг Чуьйри эвлахь а еш, хIокху тайпа ялх ГЭС ю. Уьш а, Веданан районехь ян билгалъяьхнарш а ян тIелаьцна Къилба Корейн говзанчаша. Тидаме оьцийла луур дара, 1984-чу шарахь, советан Iедалан заманчохь вайна 7,800 млн. киловатт ток оьшу аьлла билгалдина хилла хилар, ткъа Нохчийчохь ян билгалйина ГЭС-ш ехкинчул тIаьхьа, цара 27 млн. киловатт ток лург хилар а.

– Кхокхта юьртара а, Итум-Кхаьллан районера а 35 стагана болх бан меттиг хир ю ГЭС йина яьллачул тIаьхьа.

 

Т.АЛИЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: