
Нохчийн поэтан Тугузов Асламбекан «Шайх Мансур» поэма хӀирийн матте йаьккхина Басиева Залинас.
Оцу маттахь «Сих Мансур» цӀарца арайаьлла иза.
Цу тӀехь нохчийн къоман турпалхо, Ӏеламстаг, Кавказан хьалхара имам Шайх Мансур вевзина ца Ӏаш, шайн махкахо хилла эла Дударов Ахьмад а вевзар ву хӀирашна.
Буру-ГӀаларчу Къоман Ӏилманан библиотекехь дӀабаьхьна гочдина поэма йовзийтаран болх.
Нохчийчуьра йоккха тоба а йара цигахь дакъалоцуш.
ХӀирийн матте йаьккхина поэма арахецар Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан чоьтах дӀадаьхьна хилар билгалдаккха догӀу.