Нигери пачхьалкхехь масех теракт йина «Боко Хьарам» боламан декъашхоша. Оцу бохамехь 50 сов маьрша стаг велла, чевнаш хилларш кхин а алсам бу.
***
Чинехь бехаш болчу бусалба уйгурашна хIокху безачу мархийн баттахь Iедало марханаш кхабар а, таравихь ламазаш дар а дихкина. Советийн Iедало вайн махкахь лелийнарг дагадоуьйту цо.
***
Экстремисташа тIелатар дар бахьанехь Кени пачхьалкхехь 14 стаг кхелхина. Чевнаш хилларш шозза алсам бу. Кхелхинчарна юкъахь бераш а, зударий а бу.
***
Шемахь а, Иракехь а «иблисан пачхьалкхан» гIеранийн зуламаш бахьанехь, денна иттаннаш адамаш хIаллакьхуьлуш доллушехь, ООН-н куьйгалла иза гуш доцуш санна Iаш ду.
***
Иранан ядерни программин хьокъехь долу дийцарш дIахьош бу ялх пачхьалкхан кхечу мехкийн гIуллакхашца болу министраш. Герггарчу деношкахь барта тIе куьйгаш яздеш, чекхдовларе сатуьйсу Иранан векалша.
***
Брюсселехь селхана саммит дIаяьхьира Евросоюза юккъе йогIучу пачхьалкхийн куьйгалхоша. Цара дийцаре дира Желтойчохь кхолладелла долу финансийн хьал тодаран некъаш.
***
Бевзаш боцучу наха Францерчу цхьана тIеман складера лелхаш болу гIирсаш лачкъийна. Куьг бехкениг цкъачунна карийна вац.
***
Уфа гIалахь дIаяьхьира БРИКС-н а, ШОС-н а саммит. Цигахь дийцаре дира дуьненахь кхолладелла долу гIоьртина хьал а, БРИКС-н юкъара банк кхолларан гIуллакхаш а.
***
Украинин эскарша стомара 18-зза даккхий герзаш диттира Донецкан республикерчу масех гIала. ОБСЕ-н векалша цу хьокъехь деш дIахьедар дац.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Томски областан губернаторца С.Жвачкинца. Цара дийцаре дира регион экономикин кхиоран таронийн хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин а, Японин а кхерамазаллин Советийн секретараша стомара Москвахь цхьаьнакхетча дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран а, кхерамазалла лакхаяккхаран а гIуллакхаш.
№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо