
Сочехь (ГӀобан) дӀахьочу Дуьненайукъарчу журналистикин «Йерриге а Росси — 2023» XXVII-чу форумехь дакъалоцуш бу Нохчийчуьрчу шуьйрачу хаамийн гӀирсийн векалш а:
➜Исмаилов Илес — «Вести республики» газетан коьрта редактор — НР-н Журналистийн союзан куьйгалхо;
➜Аблулмуслимов Руслан — «Даймохк» газетан коьртачу редакторан гӀовс;
➜Шамсудинов Хьамзат — НР-н МинНацИнформан шуьйрачу хаамийн гӀирсаш талларан декъан хьаькаман гӀовс;
➜Саралиев Шарпудди — Зорбанан цӀийнан директор.
Россин Журналистийн союзан куьйгалхочо Соловьев Владимира баркалла аьлла вайн делегацина оцу форумехь дакъалацарна, иштта, вайн махкахь журналистика кхуьуш хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.
Карарчу беттан 23-гӀа де кхаччалц лаьттар йолчу цуьнан гурашкахь горга стоьлаш а, гайтамаш а, мастер-классаш а дӀахьур йу.
Цул сов, шайн хаамийн гӀирсийн гайтам дӀахьур болуш вайн векалш а бу.
Россин регионашкара а, луларчу мехкашкара а эзар гергга журналист ву Россин Журналистийн союзо вовшахтоьхначу оцу форумехь дакъалоцуш.