Газ тӀейига Ӏалашонехь йолчу 4,3 эзар хӀусамах 3,1 эзар хӀусам оцу балхах хӀинцале а чекхйаьлла

ХӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран программа жигара кхочушйеш йу вайн республикехь.

И программа кхочушйарехь Россехь а хьалхара меттигаш йохуш Нохчийчоь хилар ду цунна тоьшалла.

Коьртехь Премьер-министр Хучиев Муслим а волуш, селхана Правительствехь дӀайаьхьна оцу балхана лерина кхеташо.

Цигахь билгалдаьккхина ма-хиллара, маьхза газ тӀейига Ӏалашонехь йолчу 4,3 эзар хӀусамах 3,1 эзар хӀусам оцу балхах хӀинцале а чекхйаьлла.

Делахь а, кхачамбацарш а ду оцу декъехь — шайн долара бахамаш ЕГРН-а чохь дӀайазбарехь бахархой парггӀат лелар.

Ткъа маьхза газ тӀейигаран программин лехамашца а догӀуш, газ тӀейигаран хӀусаман а, лаьттан а бух ЕГРН чохь хила безаш бу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: