
ТӀехьа-Мартан кӀоштана керла дарбанцӀа даран белхаш карарчу шеран чаккхенехь дӀаболор бу.
Россин могашалла Ӏалашйаран министерствос дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Нохчийчоьнан вице-премьера Алханов Адама а, гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима а дакъалаьцна цигахь.
И объект кӀоштана маьӀне хиларе терра, цунна тӀехь белхаш баран гӀуллакх сихонца дӀадолорехь оьшуш долу ахча Россин Правительствон тӀаьхьалуонан фондера лур ду.