Кадыров Рамзана довзийтина шегара хьал: Дийна а, могаш-маьрша а ву со!

Ша дийна а, могаш а хиларан хьокъехь йаздина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.

Цо билгал ма-даккхара, хӀокху деношкахь церан доьзал чӀогӀа сагатдеш бара цамогаш хиллачу Кадыров Ӏабдулхьамидан Мохьмадах.

Иштта, белхан гӀуллакхца Москвахь хилла ша а цунна тӀаьхьавахар хаийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Цул сов, шен могашаллица доьзнарг а довзийтина цо.

«АллахӀана хастам бу, дийна а, могаш-маьрша а ву со«, — йаздина цо.

Делахь а, шен могашаллин хьокъехь эладитанаш дийцар а цхьа дика долуш хиларна тӀе тидам бахийтина Кадыров Рамзана — аьшпаш буьттуш а, эладитанаш дуьйцуш а болу хаамийн гӀирсаш билгалбовлар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: