
Эна-Хишкан кӀоштарчу йарташна цӀераш тахкар къобалдина Россин Федерацин Премьер-министра Мишустин Михаила.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, йуьйцург ЦӀечу-Аьхке а, Муьжгана а, Дака-Бух а йу.
Цул сов, ГаланчӀожан кӀошт меттахӀотторан гурашкара болх иза хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.
«Ша ГаланчӀожан кӀошт а санна, и кхо эвла а йу доккха маьӀна долуш нохчийн халкъана», — йаздина Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден тӀедилларца а догӀуш, йуьйцучу 3 эвлана цӀераш тахкаран хьокъехь дехар Нохчийн Республикин Парламенто динера.
* Нохчийн Республикин Терминологин комиссин сацам хиллалц кхачамбацарш хила тарло лакхахь йалийнчу цӀерашкахь