
Тутмакхашна дийцина республикин культурин тӀаьхьалуонийн хьокъехь.
Беркате цхьаьнакхетар дӀадаьхьна ТаӀзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикерчу Урхаллин №2 йолчу нисбаран колонехь.
Цунах бахьана а даьлла, тутмакхашна девзина Нохчийчохь культурин тӀаьхьалуонашца долу хьал: 758 — культурин тӀаьхьалуонийн объект (федеральни маьӀна долуш — 107, республикин маьӀна долуш — 651).
Иштта цхьаьнакхетар чӀогӀа тайра тутмакхашна.