
Белхан гӀуллакхца Москвахь волчу Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин МЧС-н куьйгалхо волчу Куренков Александраца.
Цигахь бийцаре бина МЧС-н республикехула йолчу Коьртачу урхаллин болх, дан дезарш, хьалха лаьтта декхарш, и.д.кх.а.
122 га латта минех а, лелха кхерамечу гӀирсех а дӀацӀандаран декъехь Шелан кӀоштахь дӀаболийна болх а ца битина тидамза.
Цул сов, цхьацца кхачамбацарш дӀадахаран гӀулчаш а къастийна.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, кеста билгалдевр ду оцу цхьаьнакхетаран беркате жамӀаш.