Соьлжа-ГIалахь индустриальни парк хир ю

Нохчийчохь дуьххьарлера индустриальни парк ян Iалашо ю республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон. 2015-2016-чуй шерашкахь чекхъяккха таро ю билгалъяьккхина проект. Соьлжа-ГIаларчу цIерпоштнекъан вокзалана а, аэропортана  (царна юкъахь) а гена йоццуш хир ю парк. Федеральни а, республикин а, бюджетан а,  иштта бюджетехь доцучу а ахчанах йийр ю иза. 12 гектар меттиг дIалоцур ю цо. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министран заместитела Бисаев Iийсас. Цо билгалдаьккхира, индустриальни парк Соьлжа-ГIалин аьчган-бетонан коьчалийн заводан кертахь йийриг хилар.

«Проектел хьалхара белхаш чекхдаьхна оха: оьшуш мел долу кехаташ кечдина, коьрта резиденташ билгалбаьхна, федеральни конкурсехь дакъалаьцна, иштта дI.кх. Герггарчу хенахь  проект кхочушъян  дуьйлалур ду тхо», – элира I.Бисаевс.

Шаьш бизнес-планаш а хIиттийна уьш комиссис магийна волчу ялх резидента шайн производство йолор ю индустриальни паркехь. ГIишлошъяран а, тояран а материалаш (кибарчигаш, газобетон, экъанаш, кхиерш а) йийр ю цигахь.

 

А.ХАСБУЛАТОВА

№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: