3 баттахь 1,3 эзар сов дехар теллина «Даймехкан гӀаролхой» фондан филиалехь

«Даймехкан гӀаролхой» фондан Нохчийн Республикерчу филиалехь 1 300 сов дехар теллина 3 баттахь.

И дехарш динарш тӀеман лерринчу операцин дакъалацархой а, церан доьзалш а бу.

Церан дехаршца болх беш 40 белхахо ву.

Ткъа дехарш, филиалехь билгал ма-даккхара, тайп-тайпана хуьлу: тӀеман хиламийн ветеранан тоьшалла даккхарца а, лаьттаца а, санаторехь дарба лелорца а доьзна.

Цул сов, тӀеман лерринчу операцин дакъалацархошна а, церан доьзалшна а психологин декъера гӀо-накъосталла дарца а жигара гӀо лоцуш йу «Даймехкан гӀаролхой» фонд.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: