
Кадыров Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, 10-11-чуй классашна лерина а йолуш, цӀинйинчу Россин историн Ӏамата тӀехь хийцамаш бийр бу — вуьшта аьлча, нохчийн а, кхидолу халкъаш а сийсаздаран агӀо хуьйцур йу.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Парламентан спикера Даудов Мохьмада.
Цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Мехк-Ден тӀедилларца а догӀуш, боккха болх бу оцу декъехь дӀабаьхьнарг.
Ма-дарра аьлча, и гӀуллакх сихонца дӀакхачийна Россин Президентан чоьхьарчу политикин урхаллин хьаькам волчу Ярин Андрейга а, Ӏаматан автор волчу Мединский Владимире а.
Йуьйцуш йолу хийца ша кийча хилар хаийтина Ӏаматан автора.
И болх сихонца бан безаш хилар къобалдина Россин серлонан министра Кравцов Сергейс а.
Иштта, историн Ӏамата тӀехь и харц-агӀо хиларна сагатдечу а, цунах питана дан гӀертачу а бахархошка хааман кост а дина Даудов Мохьмада: «ГӀуллакх чекх а даьккхина шуна, бакъо тола а йина!».