
Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикийн а, Запорожьен а, Херсонан а областийн а куьйгалхой хаьржина.
Уьш бу: Пушилин Денис, Пасечник Леонид, Сальдо Владимир, Балицкий Евгений.
Кадыров Рамзана даггара декъалбина уьш дарже хӀиттарца.
Цо билгал ма-даккхара, шайх тешийнчу регионашкахь машар а, къепе а хӀотторехь дуккха а къахьегна нах бу уьш.
Цул сов, Россин Президента Путин Владимира а, регионийн бахархоша а шайга кховдийна тешам цара ларбийр бу аьлла, ша тешаш хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
«Оцу декъехь царна оьшшуш долу гӀо-накъосталла дийр долуш вай а ду», — тӀетоьхна цо.