
Къоман проекташ Нохчийчохь кхочушйарехь нислуш хиллачу кхачамбацарийн барам 77,7%-на лахбелла.
Иза билгалдаьлла республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман а, Прокуроран Адаев Арсанан а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Карарчу хенахь вайн махкахь кхочушйеш къоман 13 проект хиларна тӀе тидам бахийтина Хучиев Муслима.
Церан гурашкара белхаш 200 сов майданахь дӀахьош бу.
Оцу белхашна хьажийнарг 20,8 млрд ₽ ахча хилар а хаийтина Премьер-министра.