БIаьрсаэшнарш – зераташкахь

SONY DSC

Iуьйранна бархI сахьт долучу хенахь Соьлжа-ГIаларчу бIаьрзечеран юкъараллина хьалха цхьацца а, шишша а схьаэха буьйлабелира бIаьрсаэшна я данне доцу нах. Дукхах болчеран карахь Iасанаш яра, уьш луьйзуш богIура уьш. Стенна делахь а яххьаш серлаевлла яра церан. ТIекхаьчча хиира бахьана: уьш тахана зерате буьгуш бу. Фарз мархийн безачу Рамадан баттахь царна и меле гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.

Дукха хан ялале шовзткъа сов стаг вовшахкхийтира бIаьрзечеран Ерригроссин юкъараллин Нохчийн регионан организацин цIенойн кертахь. БIаьрзенаш автобусаш тIе хьалабохуш, охьаховшош, схьавогIучунна дуьхьал воьдуш, хIайтъяьлла хьийзара массо хенахь а церан хьашташ, лаамаш кхочушбеш лелаш волу Мустаев Рамзан. Шина автобусахь а, цхьана «Газела» тIехь а Эртана боьдучу новкъа бевлира уьш.

Дела хьехош, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкуш, ша санна шерачу некъаца оцу сохьта Баба-Хедин зерате дIакхечира. БIаьрсаэшнарш тIеоьцуш цигахь бухахь вара лакхахь хьахийначу ведомствон министр Умаров Джамбулат а, цуьнан ши заместитель а: Элембаев Алихан а, Израилов Руслан а. Уьш берриге а цхьаьна салаваташ дохкуш, чIагаран зуькар дечу майдана хьалабевлира. Цигахь зуькар а дина, доIа а дина, зерата тIе бахара бIаьрсаэшнарш а, цаьрца цхьаьна берш а. Зерата хьалха доIанаш дечу хенахь царна тIевеара: «Шун доIанашна юкъахь хила а лиъна, схьа ма веа со», – аьлла Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжа. Цигахь доIанаш дина зерата чу бахара уьш (Хожа-Ахьмад-Хьаьжа дIа а вахийтина). Цу чохь зератан хьурматна, суннат ламазаш а, доIанаш а дира.

Зерат дина бевлча министра Дж.Умаровс бIаьрзечарна сагIийна ахчанаш делира. Дала къобалдойла цуьнан и сагIа.

Цул тIаьхьа бIаьрсаэшнарш Сиржа-Эвла Уммалт-Шайхан зерате бахара. Кхузахь а йира цара зератехь ян йогIу Iамалш. Дуьненан исбаьхьалла гар доьгIна доцучара, шайна бIаьрса ца доьхура шайн до1анашкахь. Цара вайн халкъ, мохк боьхура Деле. Доьхура вайн халкъ зен-зуламах, питанах, ямартлонах лардар. Далла хастам бора вайна хIара паргIато, маьрша дахар даларна. Цара виц ца вира цомгашниг, тIепаза вайнарг, набахтехь верг – цхьа а. Шуьгахь долу ийман делар-кха тхоьгахь а», – аьлла хоьтуьйтура шаьш гучарна, шайга ладугIучарна. Оццул чIогIа ийман долуш а, доггаха Далла хьасталуш а бара уьш. Дала къобалдойла-кх церан зерат. Дала жоп доцуш ма дуьтийла церан доIанаш.

С.ХАМЗАТОВ

№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: