
Къуръан дагорна лаьцначу Журавель Никитина шен доьзалхочо Адама йетташ йолу видео йовзийтина Кадыров Рамзана.
Цул сов, Адама динарг шена нийса хеташ а, ша цунах дозалла деш хилар а хаийтина цо.
«Украинин лерринчу службийн хьадалча волчу Журавель Никитас Сийлахь Къуръан дагорца а догӀуш, Кадыров Адама цунна йиттина йа ца йиттина бохуш, хӀинца а къуьйсуш ду. Хилла иза йа ца хилла? Йетта а йиттина, нийса а йиттина!», — билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
«Нийсархошна йуккъехь кхуьуш а воцуш, кхин а баккхийчаьрца кхиа лууш хилла ву иза даима а. И бахьана долуш лардо цо сий а, доьналла а, дин а, ша баккхийчара санна. Ас лору цо бина харжам», — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.