
Даккхий Ӏаморш дӀадаьхьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехь.
Аэропортан ПАСОП-н а, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин а, Могашалла Ӏалашйаран министерствон а белхахоша дакъалаьцна цигахь.
Цул сов, царна терго а йеш, цигахь хилла Россин Къилберчу 30 гергга аэропортан векалш.
Билгалдаьккхина ма-хиллара, аэропортийн ПАСОП-н службаш гуьйренан-Ӏаьнан муьрана кийча хилар/цахилар талларан Ӏалашонца дӀабаьхьна болх бу иза.