
Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университет кийча йу ТӀеман-Ӏаморан туш кхолла.
Оцу декъехь белхаш дӀабахьар а, Мехкадаьттан университетан буха тӀехь и туш кхоллар а къобалдина Россин гӀаролан министра Шойгу Сергейс.
Россехь, карарчу хенахь, болх беш 16 тӀеман-Ӏаморан туш хилар билгалдоккху.
Царах цхьаъ Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетан буха тӀехь йу.