
РаббиӀул-Аввал беттан 12-гӀа де тӀекхачарца нохчийн халкъ а, бусалбанийн уммат а декъалдина Кадыров Рамзана.
Декъалдаран кост зорбатоьхна цо Telegram чуьрчу шен каналехь.
Мехк-Дас тӀе тидам ма-бахийттара, хӀокху РаббиӀул-Аввал беттан 12-гӀа де Элча Мухьаммад ﷺ дуьненчу ваьлла де ларалуш ду.
«Дегнашкахь доккха а, цӀена а хазахетар а долуш тӀелоцу вай хӀара де, хӀунда аьлча, Мухьаммад Пайхамар ﷺ — мел долчу адамашна ду доккха беркат», — йаздина Кадыров Рамзана.
Цунна тӀе а доьгӀна, Нохчийчохь а, Россехь а, дуьне ма-дду а болу бусалбанаш декъалбина цо.
Цул сов, вайн махкахь Ислам-дин лелоран агӀо а хьахийна цо: 1 407 маьждиг долуш ду, ткъа 80 маьждиг — деш ду, хьафизийн 7 ишкол а, дин Ӏаморан лаккхарчу дешаран 2 хьукмат а йу.
«АллахӀера доккха беркат ду иза», — билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.