Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а цхьаьнакхетар хилла тахана

Тахана Москвахь цхьаьнакхетар хилла Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан а.

Дийцаре дина республикера хьал, тӀеман лерринчу операцехь нохчийн бӀаьхоша дакъалацар, и.д.кх.а.

Шен къамелехь Путин Владимира билгалдаьккхина Нохчийчоь кхиарна а, кхиорна а йукъахь Кадыров Рамзанан доккха дакъа хилар.

Иштта, тӀеман лерринчу операцин хьокъехь дуьйцуш, цигахь майрра дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхошка маршалла дӀало аьлла, дехар а дина Россин Федерацин Президента.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: