
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана леринчу Йерригроссин «Кавказан аз» XI-чу радиофестивалан жамӀаш дина Соьлжа-ГӀалахь.
«Тематикин программа» декъехь леррина совгӀат даьккхина «Вайнах» ПТРК-н корреспондента Лорсанова Заретас.
«Эпоха» цӀе а йолуш, цо кечбинчу балхо радиоладогӀархошна дийцина цӀейахханчу стагах лаьцна — Кадыров Ахьмад-Хьаьжах.