Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъонаш ларъяран органийн куьйгалхошца а, районийн администрацийн куьйгалхошца а, Iеламнахаца а хиллачу кхеташонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин керла куьйгалхо Кадыров Ислам хIоттийна хилар хаийтира.
«Кадыров Ислама дуьххьара дуьйна а ша дика куьйгалхо хилар гайтира. Массарна а бевза цо Нохчийн Республикин бахаман а, лаьттан а юкъаметтигийн министерствоно куьйгалле ша хIоттийчахьана бина белхаш. Ткъа Соьлжа-ГIалин мэр волуш дуккха а чолхе гIуллакхаш кхочушдина цо. Керлачу тIегIане яьккхина республикин коьрта шахьар. Со тешна ву керлачу меттехь а шена тIедехкина декхарш цо кхиамца кхочушдийриг хиларх», – бохура Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочо билгал ма-даккхара, хьалха и декхарш кочушдеш хилла волчу Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада баккхий кхиамаш баьхна администрацин болх заманан лехамийн т1ег1анехь т1ебахьарехь.
«Даудов Мохьмад куьйгалла деш а волуш вайн администраци махкахь уггаре а тоьллачех цхьаъ хилла дIахIоьттина. Цунна хиира министерствошна а, ведомоствошна а юкъара юкъаметтигаш дIанисъян. Суна даггара баркалла ала лаьа Мохьмадна республикин дуьхьа къахьегарна», – элира цо.
И.Кадыровс баркалла элира Р.Кадыровна шех оццул тешарна. Цо дош делира шена тIедехкина декхарш доггаха кхочушдан, оцу даржехь шен ницкъ, хаарш ца кхоош къахьега.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо