
Соьлжа-ГӀалахь дӀайирзина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина Йерригроссин «Кавказан аз» XI-гӀа радиофестиваль.
Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, жюрин талламе баийтинарг 40 сов регионера 300 гергга болх бара.
Церан жамӀаш а деш, толамхошна совгӀаташ даран даздарехь хилира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр А.Дудаев, Парламентан вице-спикер Ш.Жамалдаев, А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Полицин лерринчу полкан буьйранча З.Чалаев, Физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин министр Ӏ.Ибрагимов, кхиберш.
Фестиваль, ламасте дирзина ма-хиллара, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтухуш йу.