
Къилбенан Бутовохь (Москва) болчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу урамехь керла маьждиг дийр ду.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, и маьждиг дарца доьзна дӀадолор къобалдина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Кадыров Рамзана тӀе тидам ма-бахийттара, 3 миллион сов бусалба стаг вехачу Москвахь керлачу маьждигашца йоьзна хьашто йу.
Москварчу а, кхечу меттигашкарчу а бусалбанаша и хаам хазахетарца тӀелоцург хиларх ша тешаш хилар хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.