Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана леринчу Йерригроссин «Кавказан аз» XI-чу радиофестивалан жамӀаш

Селхана Соьлжа-ГӀалахь дӀайирзина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина йолу Йерригроссин «Кавказан аз» XI-гӀа радиофестиваль.

Кхаа декъехь толамхой билгалбахаран жамӀаш иштта ду:
➜»Тематикин программа» — Лот Тотьяна / «Мир Белогорья» ТРК (Белогородан область);
➜»Ӏуьйренан шоу» — Ткаченко Юлия а, Уразалиев Руслан а / «МИГ» ХА (Ямало-Ненцийн автономин округ);
➜»ХӀорадийнан хаамийн программа» — Панфилова Инна / «ФМ-на-Дону» радио (Ростовн область).

40 сов регионера 300 гергга болх бара жюрин талламе баийтинарг.

Радиофестивалан вовшахтохархо Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерство йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: