
29.09.23 — 01.10.23 муьрехь дӀайаьхьна Шахматийн йерригроссин фестиваль.
Ставрополан махкарчу Пятигорскехь дӀайаьхьначу цигахь, дика жамӀаш а гойтуш, Нохчийчоьнан 6 векала а дакъалаьцна.
Фестивалан гурашкахь сихачу шахматийн а, блицан а турнираш йара.
Сихачу шахматийн турнирехь Бимиев Ахьмада 3-гӀа меттиг йаьккхина, ткъа блицехь тоьллачу 10-н могӀарехь вара иза.
89 дакъалацархо волчу 1-чу турнирехь 6-гӀа меттиг Саидов Билухьаьжа а йаьккхина.
Ветеранашлахь ловзачу Яндарбиев Руслана 2-гӀа меттиг йаьккхина шина а турнирехь.