Кху деношкахь гучудаьлла Москварчу ОМОНо нохчий гуллучу меттигерчу ресторанна чу а лилхина, цигахь харцонаш лелийна хилар. Цу хьокъехь хаам бо Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис.
Кху шеран 19-чу июнехь Москвахь Iаш волу 50 гергга нохчи «Веселый Бабай» цIе йолчу ресторанехь суьйранна марха даста гулвелла хилла. Цхьаберш марха даьстина бевлла, ламазаш дан буьйлабелла. Чохь цхьа а гIовгIа йоцуш, шайн Iамал еш, тийна Iаш хилла хIорш. Бакъонаш йохош долу хIума-м муххале а ца динера цара. ЦIаьххьана «омоновцаш» чу а лилхина, ресторана чохь мел верг нуьцкъала лаьтта охьа а вуьллуш, кисанахь цхьа а хIума ца юьтуш, телефонаш, машенан догIанаш схьадаха буьйлабелла. Марха даста гулбелларш шайца лелочу харцонах кхеташ я цуьнан бахьана хууш ца хилла. «Омоновцаша» дийца а ца дийцина цхьа а бахьана.
Шайга яккхалург схьа а яьккхина, Москван Дорогомиловски ОВД а бигна, сахиллалц яа, мала ца луш, цу чохь латтийна нохчий. Массеран а пIелгийн лераш яьхна. ХIара ду аьлла цхьана а хIуманна бехке ца бина я шайгара яьллачу харцонан хьокъехь хIумма а ца аьлла милцоша, шаьш дIалаьцначу нохчашка.
Иштта, нохчийн телерадиокомпанис хаам бо ОМОН-н белхахоша шаьш дIадахале хьалха ресторана чуьра видеокамерш дIаяйъина, дискаш дIадаьхна хиларх. Бакъду, гIалат а бевлла, кхечу дийнахь яьхна йолу видеозаписаш схьаэцна хилла цара. Ткъа кхара дина зулам тIехь долу цхьа видео мухха кхаьчнехь а, интернет чу а кхаьчна, яьржина. Иштта гIарадаьлла Москварчу милцоша цхьа а бехк боцуш, шайн марха даста гулбелла болу нах хьийзор.
Цу дийнахь ресторанехь гулбеллачарна юкъахь цхьа адвокат Мусаев Салам нисвелла хилла. Москварчу милцоша «Веселый Бабай» ресторанехь лелийнарг законехь маггане а мегаш доцу гIуллакх хилар дийцина С.Мусаевс нохчийн телерадиокомпанин белхахошка. Иштта, вай юьйцучу ресторанан куьйгалло а, цунна уллехь йолчу «Алмата» ресторанан администратора а дийцина кхузахь гулбелла нохчий марха а даьстина, ламазаш деш хилла хиларх а, цIаьххьана тIелеттачу «омоновцаша» нохчашца къизаллаш, харцо лелийна хиларх а лаьцна.
Карарчу хенахь Россин Федерацин Президент волчохь долчу Нохчийн Республикин векалаллин белхахоша тидаме эцна, толлуш ду и гIуллакх. Цигара материалаш Москван Талламбаран комитете а, Коьртачу прокуратуре а, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве а, цул сов «Новая газета» изданин редакце а хьажийна. Хууш ма-хиллара, билгалъяьккхина редакци Нохчийн Республикица а, нохчашца а доьзна цхьа а хIума шайн ирделлачу лерсин «тIехдолуьйтуш» яц. Дагахь а доцу хIума нохчашна «тIекхуссуш», харцо юьйцуш самукъадолуш бу цигара а, кхин масех тайп-тайпанчу редакцешкара а журналисташ. Бакъдерг аьлча, нохчашна йина харцо башха дог догIуш а ца юьйцу цара. ХIетте а, тайп-тайпанчу федеральни сайташна тIехь яьржина Москван ОМОНо цигарчу нохчийн бакъонаш йохош дIадаьхьна гIуллакхаш довзуьйту статьяш. Шеко яц, цу гIуллакхехь дакъалаьцна болу милцой шаьш йинчу харцонна жоьпе озо безаш хиларан. Цкъачунна, оцу балхана таллам барна жоьпаллехь йолчу ведомствийн хаамашка ладегIар бен кхин хIумма а ца дуьсу вайна. Таллам бинчул тIаьхьа хуур ду-кх, шайн санна бакъонаш а йолуш, Россехь Iаш болчу бусалбанаша марха дастарехь, ламазаш дарехь ОМОН-н белхахошна зуламе хIун гина хилла…
А.МУСАЕВА
№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо