
Электронан промышленностан «Альтаир» технопарк йийр йу вайн махкахь.
Иза йаран белхашна тӀеоьшучу ахчанца долу гӀо-накъосталла къовсаран харжамах чекхйаьлла и проект.
Цуьнца а догӀуш, федерацин бюджетера 900 млн ₽ лур ду.
Ткъа проектана оьшуш йолу харж 1 358 410 млн ₽-н барамехь йу.
Оцу хьокъехь хаам бина Промышленностан а, энергетикин а министра Хакимов Адама.