
2025-чу шарахь «Россин культурин пачхье» Соьлжа-ГӀала хир йу.
Иза билгалдаьлла «Шеран культурин пачхье — 2024» конкурсан финалехь.
Толам Нижний Новгород гӀалина а кхочуш, товбецан беттан 28-чохь Москвахь дӀайаьхьира иза.
«Россин культурин пачхье» проектехь толамхо йаьллачу гӀалина федерацин бюджетера ахча ло — культурин туризмана а, кхоллараллин проекташна а лерина хуьлу иза.