Соьлжа-ГӀаларчу Жуковскийн урамехь керла маьждиг даран белхаш теллина Кадыров Рамзана

Кадыров Рамзана, шеца цхьаьна Мехкан Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а волуш, Соьлжа-ГӀаларчу Жуковскийн урамехь керла маьждиг даран белхаш теллина.

4 эзар гергга адам чу а тарлуш хир долу и маьждиг, дина а даьлла, кестта схьаделла кечдеш ду.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, тӀекхочуш долчу Соьлжа-ГӀалин дийнахь схьайоьллур йу и «Делан хӀусам» а, цунна лулара Жуковскийн урам а.

ГӀишлошйархоша чохь а, арахь а бина белхаш теллина шаьш довларца цхьаьна, АллахӀан Элча Мухьаммад ﷺ а хестош, мовлад дийшира цара.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: