Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортехь дӀахьош болу гӀишлошйаран белхаш теллина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехь дӀахьош болу гӀишлошйаран белхаш теллина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, и белхаш даханчу шеран аьхка дӀаболийна бен боццушехь, дикка жамӀаш ду хӀинцале а гуш.

«Аэропортан кертахь 18 гӀишло йан лерина. ХӀинцалерчу аэровокзалан гӀишло а, дуьненайукъарчу рейсийн терминал а къаьсттинчу некъаца цхьаьнатухур йу», — билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Иштта, аэровокзалан керла комплекс дукхахьаштийн хилла ца Ӏаш, Соьлжа-ГӀалин башхачу объектех цхьаъ хирг хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

Башха а, шех тера кхин терминал а йоцуш, авторша хаза кечйина комплекс хир йолуш йу иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: