Кадырова Ӏайшатах мехкан Правительствон вице-премьеран дарж тешийна

ХӀинццалц Нохчийн Республикин культурин министр лаьттинчу Кадырова Ӏайшатах мехкан Правительствон вице-премьеран дарж тешийна.

Оцу дарже иза хӀоттайе аьлла, Нохчийн Республикин Мехк-Дега Кадыров Рамзане дехар дина Премьер-министра Хучиев Муслима.

Цул сов, хӀинццалц вице-премьеран даржехь къахьегна Дадаев Муса культурин министр хӀоттор а кховдийна Правительствон куьйгалхочо.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам а беш, Хучиев Муслиман дехарш ша къобалдина хилар хаийтина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: