
ТӀеман леррина операци дӀайахьарехь оьшшучу хӀуманца доккха дакъалоцуш ву аьлла, Кадыров Рамзан а, республика а билгалйаьккхина ша дӀайаьхьначу селекторан кхеташонехь Россин гӀаролан министра Шойгу Сергейс.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, Россин гӀаролан министерствон куьйгалло вайн белхан оццул лакхара маххадоро чӀогӀа воккхавево.
«Вайн мехкан Ӏалашонийн дуьхьа дан мел догӀург кхидӀа а дийр долуш ду вай», — хаийтина Кадыров Рамзана.
Цул сов, хьалхуо Россехь дӀакхайкхийна хилла мобилизаци Нохчийчохь хенал хьалха кхочушйина хилар йуха а карладаьккхина цо.
«Россин гӀаролан министерствон долахь 3 батальон а, 3 полк а кхоьллина», — тӀетоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.