
Кавказ къовсаран латаран 80 шо кхачарна лерина горга стол дӀайаьхьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь.
Ша и Университет а, РФ-н а, НР-н а Йукъараллин палаташ а, «Единая Россия» партин Къона гварди а, «Россин эпсарш» организаци а йу иза вовшахтохарехь дакъалаьцна.
Церан а, Россин гӀаролан министерствон а векалш хилла ца Ӏаш, студенташ а бара горгачу стоьлехь дакъалоцуш.
Немцойн фашизмаца къийсам а латтош, Кавказан гӀаролехь хилларш а, лелларш а, хиламан дакъалацархошца доьзнарш а, и.д.кх.а дийцаре дира цигахь.
Иштта, луург хатта циггахь аьтто хилира студентийн.