Республикин пачхьенна мастер-план хӀотторан дуьненайукъарчу конкурсан жамӀ девзина

Соьлжа-ГӀалина лерина мастер-план хӀотторан дуьненайукъарчу конкурсан жамӀаш дина республикин пачхьенехь.

Коьртехь Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан а волуш, финале йевллачу тобанийн гайтамашка хьажар дӀадаьхьна жюрин декъашхоша.

Церан сацамца а догӀуш, «МАСТЕР’С ПЛАН» йукъаралло куьйгалла деш йолу консорциум йу толамхо йаьлларг.

Толамхочунна а, 2-3-гӀий меттигаш йаьхначарна а тоьшаллин сертификаташ делира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, акционерийн «ДОМ.РФ» йукъараллин коьртачу директора Мутко Виталийс а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: