
Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 71 шо кхачар даздаран гурашкахь дукхапетарийн 18 цӀа схьадиллина Соьлжа-ГӀалахь.
Шайх Мансуран а, Висаитовн а кӀошташкахь долчу царна чохь 1 100 сов петар йу.
Уьш схьаделларехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Шен къамелехь цо билгал ма-даккхара, тахана схьадоьллучу дукхапетарийн 18 цӀа чу схьакхалхош 3 500 гергга стаг ву — дахарна кхераме ларалучу 134 цӀа чохь хӀинццалц Ӏийна бахархой.
Цул сов, и цӀенош хаза дина а, кхузаманахьлерчу лехамаш догӀуш а, бахархошна мел оьшу хьелаш шайна чохь долуш а хилар хаийтина республикин Мехк-Дас.