Кадыров Рамзан: Россин Президентан харжамаш ханна дӀататта мегар дара

25 эзар сов стага дакъа а лоцуш, йоккха флешмоб дӀайаьхьна тахана Соьлжа-ГӀалахь.

Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 71 шо кхачарна лерина йара иза.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а.

Шен къамелехь цо маьӀне дӀахьедар кховдийра — Россин Федерацин Президентан харжамаш ханна дӀататтар йа цхьаъ кандидат [Путин Владимир] а волуш дӀабахьар.

Кадыров Рамзана ша билгал ма-даккхара, карарчу хенахь дӀахьош тӀеман леррина операци хиларца доьзна дӀадолор ду иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: