Путин Владимиран 71 шо кхачарна лерина йоккха флешмоб дӀайаьхьна тахана Соьлжа-ГӀалахь

Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран 71 шо кхачарна лерина йоккха флешмоб дӀайаьхьна тахана Соьлжа-ГӀалахь.

Шайгахь Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш а, Путин Владимиран суьрташ а долуш, цигахь дакъалецира 25 эзар сов стага.

Флешмобан веза хьаша хилира Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира Россин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а нохчийн мехкан а, халкъан а дахарехь долу маьӀна.

Дакъалацархоша башха сурт а «гайтира» цигахь — 71 терахьан кеп хӀоттийра цара шайн латтарца.

Акцин чаккхе нохчийн эстрадин концертаца йерзийра.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: