Вехийла халкъан дог хьеста!

Далла хастам бу нохчийн къомана Валид валарна. Массарна а везачу халкъан илланчас вайн къоман культурина юкъа йиллинчу хазнин мах хадийна вер вац. Цуьнан дагчуьра долу аз, дIадаханчу бIешерийн мохь-орца олий, ломара чухьаьдда чухчари санна, дIасадаьржа дуьненахь мел болчу нохчийн дегнаш токх деш. Цхьана дечиг-пондарца дийнна оркестро кхуллуш болу мукъам кхуллу. Зоьрталчу дегIахь, куц хаза, товш, холхазан куй, каралаьцна дечиг-пондар болу артист Дагаев Валид нохчийн къомана тIе хала мур хIоьттича гучувелира, лазийначу чевна тIе юьллуш хилла йолу динберг буц санна, лазийначу синошна шен чулацам боккха болу, мукъам нохчийн къоман тIамарх схьаболучу иллешца халкъан дог хьаста.

124

Иорданера, Хонкарера, Казахстанера хьажа-хIотта цIабогIучу дайшка «Кавказе водахь, Валидан иллеш доцуш ма волалахь» – олий, цуьнан иллеш тIехь долчу экъанашка сатуьйсура гена махкахь баха рицкъ хиллачара. Валидан хIора илли назма санна нуьцкъала, хьехам санна маьIне дара. ХIора хьала мел кхуьучу къоначу чкъурана цо карлабоккхура Даймахке безам, дега-нене ларам. Оьздангалле, дикане кхойкхура цуьнан иллеша. Безамах иллеш цочул оьзда цхьамма а аьлла дац. Халкъан илланча – иза хIора доьзална, хIора хIусамна шен хеташ верг ву.

Россин Федерацин халкъан артистан дахарх, кхолламах, кхиамех, цо динчу некъех, цо дIааьллачу хIора иллин цIарах шерашкахь дийццал дукха хаза хIуманаш ду. Халкъан илланчин хIусамехь, цуьнан дагалецамашка ладоьгIуш, хан яккха ирс хилира тхан.

…1964-чу шеран аьхка дара иза. Хьалха-Мартан районан Культурин цIийнехь культурин белхахоша шеран жамIаш деш концертни программа гайта езаш яра. Оцу дийнахь Валид нисвеллера оцу юьрта, шайн гергарчу нахе вахана. Ша дIакхаьчначу меттехь культурин кхерч лохуш хилла волу иза районни самодеятельностан артисташна тIе ваханера. Культурин цIенна хьалххахь гучуваьллачу Татаев Вахас, Валидах бIаьрг кхетташехь: «Валид, дечиг-пондар буй хьоьгахь?» – аьлла, мохь туьйхира. «Схьаволал цкъа, чуволал!» – аьлла, шена тIаьхьахIоттийна нах гулбеллачу зала чу вигира. Валид шел жима хиларна цуьнца эвхьаза вара Ваха.

«Хьайн иллех цхьаъ дIаалий, самукъадаккхахьа тхан!», – дийхира оцу хенахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин министр хиллачу Татаев Вахас.

Сцени тIе ваьллачу къоначу артиста де дика дира гулбеллачийн. ДIасахьаьжча, нах дукха хиларна вуьйхира иза (хIетахь бIаьрса долуш вара иза).

«ХIара илли керла ду, сийсара даьккхина иза», – олуш, шен карарчу дечиг-пондаран мерзийн аьзнаш шен лерсина товчу агIор тодира цо:

«Шуьга ду маршалла

хьомсара накъостий,

Дехийла, ирс хуьлда,

      IадIелаш шу ховший

Шун оьзда гIиллакхаш

      Даймехкан безам бу,

Барт болуш гулдалар –

      сан дагна хаза ду.

 

ЦIеххьанчу орцано

       сихонца айвина,

Кхочучу ницкъаца

      накъосталла дан лиъна,

Даймехкан декхаро

        гIаттийна вогIу со,

шен дикчу кIенташка

        дIаала, боху цо:

 

Челакха ойланаш

        шен коьртехь сецаеш,

Чохь чIана эшийна,

        шун дагна вас ца еш,

Массанхьа Iу хилла,

        шаьш хала кхиийна

И къена шайн дада

тергалве боху цуо.

 

Хеназа самъюьйлуш,

Меттан-мотт  шун хуьйцуш,

Мерзачу набарна

        аганан гIожца туьйш,

Доьзалан хьашташа

         хеназа къежйина –

Хьомсара шайн нана

йиц ма е боху цуо…» – илли долийра.

 

Арахь лаьтташ аьхкенан тов хиллехь а, амма оцу цхьана иллино шийла хьацар тухуьйтуш, вайн къоман оьздачу гIиллакхийн дозаллах баккхийбеш, ладоьгIучу оцу нехан бIаьргех, цергех хи даьллера. Илли чекхдалаза дара зал ерриге а гIаьттина ладугIуш Iаш. Дуьххьара иштта девзира халкъана Мамакаев Мохьмада яздинчу «Даймехкан косташ» байта тIехь даьккхина илли.

«Халкъан артист» хIара ву шуна!» – элира сцени тIе ваьллачу Татаев Вахас. Оцу 1964-чу шарахь Дагаев Валидна «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу артист» цIе елира.

Юха кхо шо даьлча, 1967-чу шарахь, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист» цIе а елира.

Илланчин 23 шо бен дацара цунна и сийлахь цIерш яла йолийча. Ткъа уьш СССР-н заманахь атта луш а яцара, къоначарна муххале а.

1972-чу шеран 29-чу майхь – «РСФСР-н хьакъволу артист», 1988-чу шеран 31-чу мартехь «РСФСР-н халкъан артист» сийлахь цIерш елла Дагаевна. Шен 5 шо кхаьччахьана адамашна хазахетар дохьуш, илланчас санна, цо къахьоьгу 70 шо ду ала мегар ду.

«Даймохк» (хIетахь – «Ленинан некъ») газетан корреспондента Алиев Iальвис (Дала гечдойла цунна) 1980-чу шеран 13-чу июлехь араяьллачу газетан №83 йолчу номерехь Дагаев Валидах долчу шен йозанехь хоьтту Валиде (хIетахь артистан 40 шо бен дац): «Кхин а маса шарахь дагахь ву хьо иллеш ала?». Валида иштта жоп ло: «Хетарехь, 1945-чу шарахь дара иза. ХIетахь, дукха жима волуш сайна гинарг диц ца ло суна. Цхьанхьа-м ваха новкъаваьлла волу казахийн гоьваьлла илланча Джабаев Джамбул накъосташа айъина машенна чу воккхуш, цуьнан карахь дукха лерина лелош домбра бара. Иза лаххара а 80 шо долуш вара». Дагаевс билгалдоккху, даг чуьра схьадолуш аз мел ду, пондар лело куьйгашкахь ницкъ мел бу ша илли дIаэриг хилар.

Казахийн мотт, культура, латта – уьш илланчин кхолламе цуьнан 4 шо долуш кхечира, нохчийн халкъ Казахстане, Г1ирг1изойн махка д1акхалхийча. Делахь а, Даймохк, вина мохк Нохчийчохь БухIан-Юьртахь бара.

126

Дагаев Валид дуьнен чу ваьлла 1940-чу шеран 30-чу июнехь. Мехкадаьттадаккхархочун ШитIин а, ненан Кулсуман а веа кIантах кхоалгIаниг вара Валид. Вежарий Ваха, Хьамзат цул баккхий бара, ткъа Рамзан волуш ву. Царах Ваха а, Хьамзат а вара артист.

Нана Кулсум Алдера яра. ДагаевгIара тайпана басой бу, хIусамнана Малика дишни ю. Гуттар ма-хиллара, забарна тIера волчу Валида: «Зуда дишни ю, вуьйш лишний бу» – аьлла, забар йира. Нанас шен ги воьхкий лелавора Валид. Шена тIаьхьара илли ала а Iамавора. 4 шо кхаьчначу Валидна а гира къомана тIехIиттина халонаш. Казахашна оьрсийн мотт ца хаьара, ткъа нохчашна – казахийн мотт.

Шен 12 шо долуш Кировн цIарахчу колхозе балха вахара иза. 10–20 Iахарх долчу жанан жаIу – сакманшин. Алма-Атински областан Джамбульски районерчу.

Казахстанан аренашкахь къахьоьгучу кIентан когийн айраш этIий хуьлура. Мачаш цхьа наггахь волчун бен яцара. Казахийн мотт Iемира, церан къоман домбра а бевзира.

1957-чу шеран 20-чу апрелехь Алма-Атахь къоначу артистийн конкурс хилира. Казахстанан районашкара дукха кегийрхой баьхкира цигахь дакъалаца. Валида а, цуьнан вашас Хьамзата а дакъалецира цигахь. Конкурсан жюрин председатела Халебский Александра жамIаш довзийтира. Валид халкъан иллеш аларан а, дечиг-пондар лакхаран а номинацехь тоьллера, ткъа Хьамзат – хелхаран номинацехь.

Оццу, 1957-чу шарахь Казахстанехь эшарийн а, хелхарийн а пачхьалкхан ансамбль кхоьллира. Хамидов Iабдул-Хьамида а, Татаев Вахас а, иштта къоман кхечу патриоташа а вовшахтоьхнера 60–70 стагах лаьтта и ансамбль.

1957-чу шеран май баттахь цIабаьхкира ансамблан солисташ. Ансамблан директор Ибрагимов Бокло вара, ткъа Дакашев Ваха – балетмейстр. Дакашев Вахас Кавказан къаьмнийн хелхарш Iамадойтура, гуьржийн, эрмалойн, х1ирийн говзанчаш балабой. Хелхарна говза вара къона артист Эдисултанов ШитIа, иштта Сардалова Зулай, Магомедов Султан тIаьхьо веара ансамбле.

Оцу ансамблан декъашхойх карарчу хенахь могаш-маьрша яха йисинарг Россин Федерацин хьакъйолу артистка Гичаева Раиса бен яц.

Ансамблан шен гIишло яцара. Дукха хьолахь Шеларчу культурин цIийнехь йора репетицеш. Транспорт яцара хIетахь. Амма боккха, сирла, цIена лаам бара генарчу Казахстанехь дуккха а шерашкахь Даймахках хьегна цIабаьхкинчу кегийрхойн къоман культура кхиорехь къахьега.

1959-чу шарахь доьзал кхоьллира Валида. Цунна хIусамнана, тешаме накъост, кхолламан гIортор карийра. Дагаев Валид даима къегина, кечвелла хуьлура.

Иза бIаьрзе ву аьлча, цхьаберш теша лууш а ца хуьлура. Артист ирсе гуора даима а. Ткъа иза уллехь йолу хIусамнана хьекъал долуш, оьзда хилар дара.

Маликех бIаьрг кхетча, Сулейманов Ахьмадан «Некъан илли» («Дог дохден ц1е») иллин могIанаш дагадаьхкира суна. «Дела ва хьо, могаш-маьрша, ма гIелвелла хир ву хьо. Кху тхан тишчу хIусамех вашахь, даккхахь тхоьца дийнна шо…». Оцу иллехь ма-йийццара елаелла-екхаелла, вог1у хьаша везаш, комаьрша карийра Малика.

ДагаевгIеран доьзалехь 2 йоI а, 1 кIант а кхиъна. Йоккхах йолу Малкан 1960-чу шарера ю. Орджоникидзе гIалахь Медицинин институт чекхъяьккхира цо. Карарчу хенахь Хьалха-Мартан районан больницехь терапин отделенин заведующи ю. ШолгIа йоI Роза 1962-чу шарахь еара дуьнен чу. Цо Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан институт чекхъяьккхира. Иза Москвахь Iаш ю. КIант Мохьмад 1972-чу шарера ву. Цо юридически институт яьккхина. Карарчу хенахь Соьлжа-Г1алин Ленински районерчу РОВД-хь следователь ву.

Берийн бераш дукхадеза Валидна а, Маликина а. 15 берийн бер а, 7 берийнберийн бер а ду церан.

Хууш ма-хиллара, бIаьрса дайна висира Валид. Амма и сингаттам байбира Маликас. Валидан бIаьрса Маликин къинхетамах, собарх, хьекъалх доьзна дара. Валидах Маликин «дешархо» хуьлу. Нохчийн мотт, нохчийн литература дукхаезачу цо книгаш юхкучу туьканахь шена мел го керла книга йохьура Валидна. Поэзин гуларшна юкъара шена тайна байташ йоьшура «Хьажахь, ма хаза, маьIне, аьлла ду хIара дешнаш», – бохуш, йоккхаеш дIайоьшура уьш Валидна. «Мукъам баккхахьа, илли даьккхина нахана довзийта ма-дезара ахь хIара дешнаш» – олий, са карзахдоккхура илланчин.

Хийла сахуьленга волура иза мукъамаш дохуш. Дуьххьарлера ладогIархо, Валида ша ма-аллара, «хьалхара комисси» Малика яра. Иза режиссер а яра, оператор а яра цуьнан. Мукъам, дешнаш цхьаьнадогIуш шайна тайна хетта илли магнитофона тIе дIаяздора цаьршимма. ТIаккха филармонехь довзуьйтура иза.

Хьовсархошна ша цкъа а гайтина яц Малика. Амма иза дика зуда, дика хIусамнана хилар вуьшта а ган хала дацара. Даима а товш кечвина воккхура цо шен хIусамда новкъа. Цуьнан духар цкъа а тIе ца доьхча санна цIена, куцехь хуьлура. Муьлхачу костюмца муьлха мачаш юхаеза, сцени тIехь муха латта веза Маликас хьоьхуш дара. Атта дац махкахь гIараваьлла вевзачу илланчин хIусамнана хила.

ХIора дийнахь хьеший лаьттара церан хIусамехь. Амма, цхьанна а гина яц кIадъелла Малика, дог ца догIу Малика, саьхьара Малика. Иза иштта хиллехь церан хIусаме кхача хьаьгна хир бацара нохчийн литературин классикаш: Мамакаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Дикаев Мохьмад, Сулаев Мохьмад, Айдамиров Абузар, Сатуев Хьусайн, Музаев Нурди, Мамакаев Эдуард, бIеннашкахь хьеший, гергара нах. Делера ял яьккхина хIусамнана ю Малика.

Валиде цунна уггаре а дагахь лаьттина гастролаш, меттигаш муьлхарнаш ю аьлла, хаьттича, цо дийцира: «Тхаьшшиннан могашалла, ницкъ хилча, цхьанхьа а ца даха а, цкъа Казахстане гIур дара тхойшиъ. Суна дукхаезаш меттиг ю иза, дукха хьеший бу цигахь. Дахарехь уггаре а хала а, мерза а хан цигахь дIаяьлла сан. Хьалха миччанхьа а дIадоьдура тхойшиъ. Казахстане, Иордане, Франце, Шема, Ливане кхочий концерташ лора. Делахь а, Казахстан сан синна аьхна ю. Казахаш дагна цIена нах бу. Вай цIерадаьхча царах дукхахболчара шайга далучу агIор гIо дира нохчашна. Оцу заманахь цаьргахь а ма яра йоккха гIело».

1991-чу шарахь Талды-Курганан лаьмнийн аренашкахь казахийн къоман турпалхочун Кабамбайн 300 шо кхачар даздеш хIоттийначу мехкан тойне кхайкхина вахнера Валид. Цуьнца цхьаьна Мусаев Мохьмад а вара, иштта, Айдамирова Марем а, Эдисултанов ШитIа а цхьаьна долуш артистийн тоба а яра. Цигахь дакъалоцуш ГIиргIизойн Республикера а, МIомголера а, Чинера а делегацеш яра.

«Оцу майданахь 150 эзар гергга стаг вовшахкхеттера.

Хелхаран къап-къарс эккхийтина хьийзачу ШитIиний, Мареманий гуонаха делира адам. Шайна хуучу агIор нохчех хелхабуьйлура казахаш а. Ас гIиргIизойн а, казахийн а меттанашкахь иллеш дIаэлира.

Делегацин куьйгалхо волчу Мусаев Мохьмада соьга элира: «Валид, хьуна казахийн мотт а дика хаьа, хьо кхарна дукхавезаш а ву. ХIинца вайн делегацин цIарах дош олуш къамел дан сцени тIе хьала вала веза хьо». Казахийн маттахь къамел далийра ас:

«Аш хьаша ву аьлла кхайкхий со. Со хьаша вац. Казахстан гергара мохк бу тхан. 1944-чу шарахь тхешан дай баьхначу махкара когашIуьйра лаьхкина далийра тхо шун махка. Шу бусалба хиларна, къинхетаме хиларна Iожаллах кIелхьарбевлира дукха нохчий. Тхан а хилла шу санна къоман турпалхой. Сайн 5 шо долуш кIен буьртигаш лехьийна ас казахийн оханаш тIера, жа а, рема а яжийна. Казахашка болу безам, ларам цкъа а бовр бац сан дагчуьра. Оха санна хастадо аш шайн латта а, адам а. ХIай казахаш, корта кура айбахь а, ког байбеш биллалаш шайн лаьтта. Мацалла, шелонна беллачу тхан оьздачу дай-нанойн даьIахкаш кIезиг ца Iохку шун махкахь!», – дуьйцу Валида.

118

Иза иштта дуйла хуучу казахийн белхар иккхира. «Нохчийн махкахь къонахаллица, цIенчу дагца билгалваьллачунна холхазан куй луш ламаст ду тхан. Мила ву аш иштта лоруш верг?». – аьлла мохь тоьхча, Талды-Курганан обкоман партин хьалхара секретарь Тургунов тIевалийра Валидана. ТIаккха «Абай» илли элира цо казахийн маттахь.

Шен хиллачу гастролех цунна цкъа а дагара дер доцуш ду 1974-чу шарахь Иордане а, 2002-чу шарахь Франце а вахар.

Иорданерчу нохчийн яхь йолчу стага, вайнехан культурин кхерчан куьйгалхочо Диаб Раисас кхайкхина вахара Валид шен хIусамненаца Маликица цхьаьна. Иза веана аьлла хезча, Иорданера хьовха, луларчу Хонкарара а, Шемара а нохчий а, гIалгIай баьхкира. ДегIаста юьйцуш беллера церан дай. Нохчийн мукъам, дечиг-пондар, нохчийн маттахь дIаолу илли церан дог хьоьстуш, делхош хьоме дара. Iаьрбийн маттахь «Диги-диги яра баба» илли дIааьлча самукъадаьлла, шаьш Iаччохь хелхабуьйлура оцу цхьаьнакхетарехь хилла церан Iаьрбийн доттагIий…

Со Шеларчу №8 йолчу школин 7-чу классехь доьшуш йолуш дара иза. Нохчийн меттан урок яра рогIерниг. КхоалгIачу гIат тIехь яра кабинет.

ТIоьрмиг накъосташка хьалабахьийтина тIаьхьа сецна йогIучу суна шолгIа гIат тIе кхаьчча, актови залан неIарехь мукъам хезча санна хийтира. Дечиг-пондаран аз дара иза. Меллаша тIеяхана, неI схьаозийна, чу хьаьжира со.

Ши бIаьрг Iийжош, исбаьхьа, хаза яра илланчин дато костюм. Цкъа а телевизор чохь бен гина воцу Дагаев Валид вара дешархошна концерт яла веана. Тхо, 7-чу классан дешархой жима хетта ца дигнера концерте. Зала чохь 8–10-чуй классийн дешархой бара. НеIарехь низам лардеш лаьтташ пионер вара, пхьарсах цIен аса а йихкина. Цуьнга дехар дира ас, айса гIовгIа йийр яц, сайга ладогIийта, аьлла.

Суна санна дукха оьшуш вацара Валид оцу зала чохь цхьанна а. Со йицъелла, урок чекхъяллалц Iийра иллешка ладугIуш. ШолгIачу дийнахь тхан хьехархо Пайтаева Разет Шахидовнас дов дечуха хаьттира соьга:

«Портфель класса чу а белла, мичхьахула лелаш яра хьо? – аьлла. Ас дийцира. «Иштта делахь хIумма а дац» – элира цо, елаелла. ХIетахь дуьйна Валид санна езаелира суна иза а. Дато костюм дагара ца йолура суна. Иза мичара яьлла техьа? Хьан тегна? Ма дика ду Валидна тIехь иштта духар долуш бохуш, дозалла дора ас. ХIокху деношкахь Валидан хIусамехь Iаш, Малике хаьттира ас оцу «даточу» костюмах дерг…

«Иза массарна а хазахетара. Ламанан шовданийн чопанех йича санна яра иза. Тхо Иорданера цIадаьхкича, дукха хан ялале цигарчу нохчаша тегна яийтина яра иза» – аьлла, елалуш дийцира цо. Ткъа костюм-м ян а яра Валидан иллин басахь!

«Даймехкан мукъамаш», «Некъан илли», «Шовдане», «ДоттагIаша олу соьга», «Нана», «Календаран тIаьххьара лист», «ЧIегIардиг», «Даймохк», дерриге а 500 гергга илли даьккхина, дIаьлла цо. Ша олучу иллех хIонс яккха а ца хьаьжна, царах бахамаш вовшахбетта безара аьлла дага а ца деана.

Халкъан илланча иштта бен хуьлийла а дацара.

2002-чу шеран бIаьста дуьненаюкъарчу «Врачи без границ» организацис Франце вигира Валид. Францин дукхах йолчу гIаланашкахь концерташ елира цо. Дерригдуьненан «Фестиваль воображения» конкурсехь дакъалецира. Парижехь долчу къаьмнийн культурин цIийнан директора Хазнадар Шерифа дозаллица вовзуьйтура Валид нохчийн къоман халкъан илланча ву олий. Тептар дуьззина ду Валидан концертехь хиллачу французаша яздина баркаллин могIанаш.

«Вахош, са тIома доккхуш, хаза музыка», «Браво, Валид, Мерси Буку!», «Музыка – иза тIамна дуьхьал уггаре а маьрша жоп ду», «Тамашийна, дагчуьра хьаладуьйлу хаза, нуьцкъала аз! Геннара веанехь а, амма хьан кхоллараллехь тхуна лирика а, хазалла а карайо, тхайн дегнашна гергара, хьоме». Иштта ду оцу тептар тIера йозанаш.

2002-чу шеран 12-чу мартехь Парижехь, конкурс ерзош, тIаьххьара концерт ло Валида. Зала чохь деса гIант дац, адамаш, пенна уллехь дIахIиттина, ладоьгIуш лаьтта. Юх-юха а сцени тIе воьху хьовсархоша шайна везавелла илланча. Цхьана сохьтехь лаьтта Иэсан книги тIехь йоза дита луучийн рагI.

Концерт дIайирзича а хьошалгIа кхойкхура цара Валид. Маликас дуьйцу «Генахь кхин а чIогIа хьоме хуьлу къоман илли, хьайн къоман оьздангаллех бIаьрг боьлху цигахь. Далла хастам бо вай иштта вайх ала дош долуш хиларна. Даймахкана генахь паргIат велхалуш хиллера цо мел лайначу халонашна».

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу орденан кавалер хуьлу 2009-чу шарахь. Оццу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин сийлахь вахархо» цIе елла.

Валидна дукхабезара нохчийн поэташ, яздархой. Хийла цуьнан хIусамехь де-буьйса доккхуш Iийна Сулейманов Ахьмад, Сулаев Мохьмад, Мамакаев Мохьмад, Сатуев Хьусейн, Арсанукаев Шайхи, Рашидов ШахIид кхин а дуккха а яздархой, Iилманчаш.

Валидан юбилей тIекхача герга яхча, Швейцарин юкъарчу «NZZ» газетан редакторна Майер Катринина интернета почтехула «Даймехкан косташ» илли дахьийтинера ас. Дукха хан яра царна иза хазийта лууш йолу. Сайна санна хаза ца хетахь новкъа догIур долу дела, ца хIуттуш Iийнера. Делахь а, 2–3 де даьлча доцца жоп кхечира. «Zaynap – wonderful! I have never heard anythinq like it – what is it? A Chechen sonq, a call, a spepherds sonq… Thank you», «Исбаьхьа хаза илли ду! ХIокху тайпа иллига цкъа а ладоьгIна дац ас. Хьанах ду иза? Нохчийн илли. Ас цунах бежIуьнан илли эр дара. Баркалла хьуна».

Вайна хаьа дуьнен чу баьхкина берриге а пайхамарш жаIуй хиллий. Ткъа швейцарахойн кхетамехь бежIу иза – философ ву. Дуьненна юьстахвуьйлуш, дуьненан ойла паргIат яйта бина хилла царах жаIуй я бежIуй.

Дагаев Валидан иллеш философих дуьзна ду. Цаьрца нохчийн мехкан Iаламан бос бу, соьналлин мутт, амалийн чехкалла ю, шовданийн цIеналла, нохчийн къоман вад ду. Иллин ницкъ чIогIа бу. Цо дог эцна, дог-ойла гIаттийна. Далла хастам бу, Валид, хьо тхан волуш.

 

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

ДагаевгIеран архивера суьрташ

№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: