Алханов Адам ву Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран керла министр

Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран керла министр Алханов Адам ву.

Оцу дарже иза сехьаваьккхина Правительствера — цигахь вице-премьеран даржехь къахьоьгуш вара иза.

Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Росздравнадзоран Москвахула а, Москван областехула а йолчу Урхаллин куьйгалхо волчу Курынин Романца ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь вовзийтина цо иза.

Дуьйцучу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин вице-премьер Кадырова Ӏайшат хилла хилар а хаийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: